__

                                                                                                                                                             ЕЛЬСАЕВ lАЛАМАД

 

 

                                                                                               lИНДАГl

   Дуьненчохь йоккху хан, дехьа-сехьа вахар-вар алсам мел дели а тидам беш 1а со: к1отар хин дохала юьллу адамаша, ткъа кешнаш ­– некъаца. Дедда доьдучу хица къийса чехка дахар бен ларор дац, ткъа цара сихъйина ойла некъой, кешнаша бен тееш яц­­ ­- бохург хила мега иза, аьлла хетало.

 

   Мухха делахь а, шатайпа ойланаш кхоллало-кх валар-висар дагчу тесча, ткъа и санна дерг дукха хьолахь бохам байча, къанвалар тосаделча, ийманчохь нисвелча, хуьлуш ду.

 

… Цхьана х1уманах самукъадаьлла, шен хилла догдика дерриг дуьненна а дан лиъча санна, т1екъегинчу малхо серладаьхнера лекха лаьмнаш а, церан когашкахь 1уьллу юрт а, жимма дехьо лаьтта кешнаш а. Х1оразза санна, тахана а ­– п1ераскан дийнахь, кху к1отарара адамаш, кхи болу бусалба нах санна, зиярт дан нигат долуш бакъдуьненчу д1абаханчу шайн гергарчу нехан кешнаш т1едаьхкина, юхадирзина, к1отар т1е боьдучу новкъа д1адоьлхуш дара, амма цхьана борзанна уллехь, г1ийлачу ойланаша йийсаре лаьцча санна, хьевелла лаьттара шийтта-кхотта шо долу к1ант. Кошан борзан а, цунна т1е х1оьттина лаьттачу к1ентан а 1индаг1аш гора цхьатерра хаза хьалаяьллачу баца т1ехь. Вовшийн т1екхача г1ерташ санна, меттахъхьуьйш хеталора уьш. Махо лесто буц а, уллерчу диттан г1аш юкъахь ловзу маьлхан з1аьнарш а хила мегара цуьнан бахьана, амма суртта-м ши 1индаг1 къамеле даьлча санна х1уьттура я, кхин а нийса аьлча, к1ентаниг шега вукхо дуьйцучуьнга ладоьг1уш дара ткъа хьалхарчо дуьйцура:

 

   ­­­- Х1окху лаьтто шен кийра эцнарг а дара х1инца хьуна хьалха лаьттарг санна дег1, шена чохь са долчу хенахь цо со а идийра, х1ара дуьне мел ду, шена т1аьхьа даьккхина. «Дика стаг ву», ­­ олура цунна наха. Иза бакъ а дара. Дуьненчу ваьлчахьана дуьйна цунах къаьстина доцчу суна-м оцу наханначул дика ма хаьарий иза оьзда стаг вуй, амма со реза-м дацара цунна: ша ваъал везаш шен когех хьерчачу сол хьоме долуш хетара суна цунна кхин мел долу х1ума… Маржа я1! Ма хууш ца хиллера… Шен зама хиллера массо а х1уманан а…

 

   Луьрачу т1емаша хаддаза чехчош, х1ара дерриг дуьне шен десте таръелла йолчу Нохчийчохь дуьненчу ваьлла вара иза, делахь а самукъадолура, дахар дезара, зезаг серлонга санна, са ирсе кхийдара.

 

   Цхьа зама-м ян а яра хаза – беран  хенахь дукха х1ума ма ца оьшу 1ехавала – цкъа а диц ца лора цунна, ша жима волучу хенахь дас шена дина совг1ат.

 

   ­­-­ К1ант, элира цо, ша г1ала дечиган ворда йохка а вахана, ц1а веъча, - тайнигаш ийеш хьуна хазахетарш дар-м ца хилла сан, амма тахана, Делан лаамца аьтто баьлла, х1ара салаз эцна ас хьуна.

 

   Ма ч1ог1а сатийсира-кх цо ло дилларе! Ткъа 1а т1едеъча мог1а бинна кхунна т1аьхьа а х1иттина лелачу луларчу берех цхьа а ца висира цунах марзо эцаза, ткъа да воккхавера к1ентан самукъадолуш а, цуьнан комаьршалла гуш а.

 

   Амма шен къомачух тера дог1у х1ораннан а дахар, иштта цуьнниг а нисделира. Нисделира-техьа я галделира?

 

   К1ентан вуьрх1итта шо кхаьчча, паччахьан 1едална дуьхьал а бевлла, лета буьйлабелира шайн коьртехь большевикаш олу цхьа нах а болуш Россин пачхьалкхера миска бахархой. Церан мог1аре х1оьттина иза а, ткъа к1айн арми эшийна, 1едал ч1аг1дала доьлча, к1ентан да кулак ву аьлла, Сибрех вахийтина, т1епаза вайира.

 

   Хала лайра цо иза, делахь а висинарг ца ваьхча ца волу, Дала дуьненчохь яккха тоьхна хан ца текхча йолуш яц.

 

   Оцу бохамо дагна йина чов ерза кхиале, немцоша т1ом болийра. Воккхахволчу к1ентан дахар хадийра цо Брестан-г1опехь.

 

    «Дала динчунна реза ву-кх», - аьлла, логехь шад сацийна, т1еийцира цо и хаам, ткъа кхи а кхо шо даьлча, марсабаьлла боьдуш т1ом а болуш, шен къомаца цхьаьна махках ваьккхина вуьгучу цуьнан дагна кхи а цхьа муо беш, мацалла ца лайна, йо1 кхелхира. Юккъерчу Азехь кхойтта шо даьккхина, Дег1аста юхадирзира нохчийн къам. Иза а веара ц1а шен х1усамненаций, висинчу к1антаций цхьаьна. Цул т1аьхьа мелла а маьршаделира нохчийн дахар. Къахьега 1еминчу цуьнан шенчул бахам вовшахкхийтира, цо цунах нахана комаьрша дакъа а дора. Амма дезткъе пхийтта шаре вирзинчу цунна а ганза дисина хиллера кхи а къаьхьаниг… юха а луьра т1ом болабелира Нохчийчохь, и хьуна а хаьа. Цу т1амехь чукхеттачу ши б1аьрг боцчу х1оьо х1аллаквира кхуьнан к1ант а, к1ентан доьзал а. Дийна виснарг воккха стаг а, шен ден деца уьйт1арчу ц1а чохь вижина хилла волу ворх1 шо долу к1ентан к1ант бен вацара. Маржа я1! Адам зуьйш бен 1аш дац-кх дахар! Т1ом д1абелира, цу хенахь моьттур-кх иштта, ткъа иза-м юкъахбаьллий бен ца хиллера. 1адийча санна висина воккха стаг, жимчу к1ентан дуьхьа дахарх тийсалора. Шаьш дукха баланаш 1аьвшинчу нехан а дог лозура царех, амма лаза дегнаш доцурш а хиллера. Иза ден дена дуьненан меха вуй хуучу цхьана ямартчу наха лачкъийна вигира к1ант. Т1ом юхаболучу муьрехь дара иза. Воккхачу стага мах ца къуьйсура, амма зуламхоша дуьйцу ахча дала ницкъ ца кхечира. Шен бисина бахам бохка вуьйлира иза, амма къийбеллачу нехан эца таро яцара, цара-м ишта а лецира шайга лацалун дакъа. Маьждигашкахь имамаш а буьйлабелира ахча гулдан, амма марсабаьллачу т1амо дохийна даржийра адам, к1ант т1епаза вайра…

 

   Воккхачу стеган б1аьргаш чохь балано бен боьг1нера, кийрахь къийлинчу хорамаша дог эшийра, цкъацкъа иза сайн 1индаг1ах тарлора суна. Дукха хан яра воккха стаг вистхуьлуш хазаза, амма цхьана дийнахь ша санна дакъаделлачу диттан к1ела хиина 1ачу цуьнан багара делира: ша лийр дуй хуъушехь, доьлу адам, безачерах дер дуй хуъушехь даха а деха, амма шен нийсархойх, 1индаг1 бен ца дуьсуш, цхьалха висча, 1ожалле сатосуш хиллера.

 

- Аллах1 Дела! Хастам бу-кх хьуна, - элира цо, ткъа жимма хан яьлча, ов тоьхча санна, тоха а велла, д1атийра. Воккха стаг бакъдуьнене д1авахара, - элира 1индаг1о, - ткъа со, цуьнан кошан борзах а хьаьрчина, дижира.

 

   Хьуна а т1екхочундерг ду иза, цундела, т1аьхьа дохкодийла ца лаахь, хьайна хьалха лаьттарг охьа ца хьожу  бохуш васаш ца лехьош, цуьнан терго еш хьалахьоьжуш хилалахь – данне а атта дац хьуна адамийн дахар.

 

… Цхьанхьа атйокх кхайкхира, цо ойланех юкъахваьккхина к1ант, шен ден ден 1одика еш барза т1е куьг та1ийна, г1ийла юьртехьа вирзира, амма жимма дехьо валале, х1етталц логехь къийлина шад хецабелча санна, юхахьаьдда борзанна т1е а кхетта, мела дог1а хилла вилхира «дада, дада, со ц1а ма веана…»

 

 

 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 

 

Dog
Электронная Чечня: ТОП сайтов Индекс цитирования